Оханан беттан 25-де нохчийн меттан де ду аьлла билгалдаьккхина д1акхайкхина вайна мехкан куьйгалхочо, Российн турпалхочо Ахьмад-Хьаьжин к1анта Рамзана.
03.05.2025Оханан беттан 25-де нохчийн меттан де ду аьлла билгалдаьккхина д1акхайкхина вайна мехкан куьйгалхочо, Российн турпалхочо Ахьмад-Хьаьжин к1анта Рамзана.Нойберарчу ишколехь д1адаьхьира нохчийн меттан лерина де оханан беттан 30-чу дийнахь «Шира йурт» тиллинера оцу мероприятин ц1е. Мероприятехь дакъалецира дешаран министро Дааев Буаровн Хожа-Баудис, баккхийчу наха, кхи дуккху хьешаша, управленин белхалоша. Х1ора к1оштан ишколаша д1агайтира нохчийн кхерч.«Нохчийн меттан тоьлла кабинет» къовсамехь 2-г1а меттиг йаккхарна совг1ат дира сийлаллин кехатца вайн нохчийн меттан кабинетан. Нохчийн меттан кабинетан доладархо Селимханова Хадин Аминат.Сийлаллин кехатца совг1ат дира нохчийн меттан, литературин хьехархочунна Селимханова Хадин Аминатана дуккха а шерашкахь хьанал къахьегарна, дешар кхиорехь доккха дакъа лацарна, нохчийн меттан денца а доьзна.#нохчийнМеттанДе#ГудермесскаяСШ3